Чулацаман тӀегӀо

Макка

21°25′21″ къ. ш. 39°49′34″ м. д.HGЯO
Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
ГӀала
Макка
Ӏаьр. مكة‎‎
Сурт
21°25′21″ къ. ш. 39°49′34″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх  СаӀудийн Ӏаьрбийчоь
Куьйгалхо Халид аль-Файсал бин Ӏабдул-Ӏазиз Аль СаӀуд
Истори а, географи а
Майда 400 км²
Центран локхалла 277 ± 1 метр
Сахьтан аса UTC+3
Бахархой
Бахархой 1 700 000 стаг (2007)
Луьсталла 4200 стаг/км²
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код +3

holymakkah.gov.sa (Ӏаьр.)
Картин тӀехь
Макка картан тӀехь
Макка

Макка (Ӏаьр. مَكَّةُ الْمُكَرَّمَةُ‎‎, [Маккатул-Мукаррамату] — «Сийдолу Макка») — иза СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан малхбузехь йолу гӀала йу, ЦӀен хӀордан 100 км гергга йукъ йолуш. Маккин округан административни центр йу иза. Бусалба нехан йеза гӀала а йу иза, цигахь Аль-Хьарам маьждиг а, церан ламазашкахь къилба лоруш долу КаӀбат а ду.

Макка — бусалба нехан сийлахь-йеза гӀала йу. 630-чу шарахь бусалба наха Мухьаммад пайхамаро ﷺ куьйгалла а деш схьайаьккхина иза цхьа а тӀом боцуш, бахархоша ислам дин тӀеийцира. Макка шен КаӀбатца динан центр хилла, а бусалба наха КаӀбатан тӀе а боьрзий ламаз до, миччахьа велахь а.

Маккин гӀалин юккъехь ду коьрта а, дуьненахь доккха а маьждиг Аль-Хьарам (Хьехаман, Доккха), чоьхьара кертахь дӀахӀоттийна ду исламан коьрта деза — КаӀбат (я ХьаьжцӀа).

2011-чу шарахь Маккахь юьйгӀина дуьненахь уггаре йоккха стигал-бохьан Абраджуль Байт олу комплекс ю, дуьненахь кхоалгӀа Пачахьан йоккха бӀов ю иза, цуьнца дуьненахь уггаре доккха сахьт а ду.

2010-чу шеран 13-чу ноябрехь схьайиллина лаьтта тӀехулара Маккин метрополитен.

Маккахь зияртхой дукха хуьлчу муьрехь кест-кеста тӀеттӀатаӀар хуьлу, цӀерш а, кхин йолу чевнаш хиллачаьрца а, беллачаьрца а инциденташ а хуьлу. Иштта, 1990-чу шарахь Маккина а, Минан а юкъахь 1,5 эзар гергга зияртхой белла.

Макка хӀордан сизца 227 метр лакхахь ю, герггарчу хьесапехь 80 километрашца ю ЦӀен хӀорд йистах[1]. Юккъера Макка лаьмнашна юкъахь йолчу учехь ю, «Маккин Ӏин» олий сих-сиха цӀе йоккхуш йолу. Областо латтош ю Аль ТанӀим тогӀи а, Бакка тоги а, Абкар тогӀи а[2][3].

Шираллехь Маккахь хилла цхьадолу хин хьосташ, царех цхьа гӀу хилла Замзам олуш хи а долуш. Иштта Ӏайн Зубайда олуш шовда а хилла. Оцу шовдан хьосташ ду Джабаль СаӀад а, Джабаль Кабкаб а лаьмнаш. Лаьтта бухара тотолашца даьккхина хилла и хи. КхоалгӀа хьост догӀан хи хилла, гӀеххьа Ӏаьмнашца а, гӀунашца а гулдина долу. Йочанин къоьлле хьаьжна а ца Ӏаш, ширчу хенахь дуьйна хи тӀедаларан кхерамаш хилла.

ГӀалин бахархойн дукхаллин динамика:

Шо 1965 1979 2003 2007
Бахархой (эзар адам) 185 367 1541,8 1700,0

Ӏаьрбаша цунах наггахь Баккат олуш хилла. Маккахь дуьххьара ваха хиинарг Адам пайхамар وصلة= а, цуьнан зуда Хьава а хилла. Цигахь вина хилла Шис пайхамар وصلة=. Шис шен дахар мел ду Маккахь Ӏийна. Маккина гена йоцчу хьехахь дӀавоьллина ву иза[4].

Макка а, Мадинате а бахар керста нахана дихкина ду. Къайлах ваха гӀоьртинчун корта боккху. Макка - Ӏаьржачу лаьмнаша екъна йоккха гӀала ю. Кхузахь Къурайшин тайпанах волчу ӀабдуллахӀан а, Мадинатара схьаялар хиллачу Аминатан а доьзалехь 570-чу шарахь Мухьаммад вина. Кху Маккара дӀа эмкалийн къепалца меха оьхуш хилла иза Йемене а, Шеме а, Мисаре а, Байтулкъуддасе (Иерусалиме) а. Хьалдолуш йолу Хадижат ялийначултӀаьхьа, совдегаралла а дитина, Маккина тӀехула схьагучу лома тӀехь холбатахь Ӏийна Мухьаммад, Далла тӀе ойла а ерзийна. 610-чу шарахь, цуьнан шовзткъа шо долуш, циггахь АллахӀ-делера омра кхаьчна цуьнга, дин кхайкхаде, аьлла. ТӀулгах дина зезаг санна, стаг цецвоккхуш, хаза ду ХьаьжцӀа. Юккъехь лаьтташ ю, массо а агӀор шена тӀебирзина ламазаш деш йолу КаӀбат. Цуьнан пена чубиллина бу АллахӀ-дала ялсамани чуьра баийтина болу Ӏаьржа тӀулг. Хьалха-м иза шура санна, кӀайн хилла боху, тӀаьхьо адамийн къинош дӀахуьйдина, кӀора санна, Ӏаржбелла. Мичча хена вахча а, оцу КаӀбатан гонаш дохуш эзарнаш хьаьжой хуьлу: Америкера, Африкера, Азера, Европера, Австралера а. Исс момсар йолчу маьждиг чу а, цунна гонах а ламазана дӀахӀутту 300-500 эзар стаг. КаӀбат лаьттачу маьждиган майданахь йистехьуо лаьтта буха воьссича, Замзам хи ду. Цхьана хенахь кхузахь кӀорга Ӏин хилла.

ИсмаьӀил карахь шен хӀусамнана йитина, хи лаха вахана хилла боху кхузахь ИбраьхӀим пайхамар. Иза схьавогӀург а ца хилла, хьогалла леш доллучу берана орца доьхуш, цигарчу лома тӀера вукху лома тӀе дӀасаидда боху беран нана. Кхин хи ца карош, дог а диллина, юхаеанчу нанна ИсмаьӀилна уллехь лаьтта бухара хьаладетташ хи гина. "Зим-зим, зим-зим", — аьлла цо, оцу хино ИсмаьӀил верна кхераелла. Ӏаьрбашна "Замзам" бохург хӀун ду ца хаьа. Церан маттахь цуьнан маьӀна дан а ца ло. ХӀора хьаьжочунна парз хилла дӀахӀоьттина Сафа лам тӀера Марват лома тӀе дӀа а, юха схьа а ворхӀазза вахар.

Маккан климат — иза дуьненахь уггаре йовха меттигех цхьаъ ю. Юьззина минимум +10 °C, а юьззина тӀех йовха максимум +51,4 °C, ишттачу хьолехь ю. ГӀалахь шера-юккъера температура +30,7 °C иштта ю.

Маккин климат
Гайтам Янв. Фев. Март Апр. Май Июнь Июль Авг. Сен. Окт. Нояб. Дек. Шо
Юьззина максимум, °C 37,0 38,3 42,0 44,7 49,4 51,4 50,1 49,6 49,4 46,8 40,8 37,8 51,4
Юккъера максимум, °C 30,2 31,4 34,6 38,5 41,9 43,7 42,8 42,7 42,7 39,9 35,0 31,8 43,7
Юккъера температура, °C 23,9 24,5 27,2 30,8 34,3 35,7 35,8 35,6 35,0 32,1 28,3 25,5 30,7
Юккъера минимум, °C 18,6 18,9 21,0 24,3 27,5 28,3 29,0 29,3 28,8 25,8 22,9 20,2 18,6
Юьззина минимум, °C 11,0 10,0 13,0 15,6 20,3 22,0 23,4 23,4 22,0 18,0 16,4 12,4 10,0
Йочанан норма, мм 20,6 1,4 6,2 11,6 0,6 0,0 1,5 5,6 5,3 14,2 21,7 21,4 110,1
Хьост: Маккахь хенан хӀоттаман хьал

Маьждиган сурт

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Islamic World, p. 13
  2. «Makka — The pre-Islamic and early Islamic periods», Encyclopaedia of Islam
  3. «Makka — The Modern City», Encyclopaedia of Islam
  4. http://islamist.ru/%D0%BC%D0%B5%D0%BA%D0%BA%D0%B0/ Архивйина 2016-03-22 — Wayback Machine


pFad - Phonifier reborn

Pfad - The Proxy pFad of © 2024 Garber Painting. All rights reserved.

Note: This service is not intended for secure transactions such as banking, social media, email, or purchasing. Use at your own risk. We assume no liability whatsoever for broken pages.


Alternative Proxies:

Alternative Proxy

pFad Proxy

pFad v3 Proxy

pFad v4 Proxy