Чулацаман тӀегӀо

Ӏаьнан гӀала

59°56′25″ къ. ш. 30°18′50″ м. д.HGЯO
Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Сийлахь меттиг
Ӏаьнан гӀала
59°56′25″ къ. ш. 30°18′50″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх
Лаьтта меттиг Дворцовый округ[1]
Архитектурин хатӀ Елизаветинское барокко
Архитектор Франческо Растрелли
Йиллинарг Елизавета Петровна
Йиллина терахь 1754, 1762
Статус  ОТӀО № 7810514003№ 7810514003
Сайт hermitagemuseum.org/…(оьр.)(ингалс.)
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Ӏаьнан гӀала (1918—1943 шерашкахь — Исбаьхьаллийн гӀала[2][3]) — Российн коьрта императоран гӀала ю. Цуьнан адрес ду: Дворцовая площадь (ГӀалин майда), 2-гӀа гӀишло/ Дворцовая набережная (ГӀалин хийист), 38-гӀа гӀишло, Петарбух. Таханлера гӀалин гӀишло (пхиолгӀа) хьалайоьттина 1754-чу-1762-чу шерашкахь схьавалар италхойх долуш оьрсийн архитекторо Франческо Растрелли Бартоломеос. ГӀишлон хатӀ ду интерьерашкахь французийн рококо йолу елизаветан барокко.

Советан заманера схьа дуьйна, гӀалин чохь дӀахӀоттийна ю Пачхьалкхан Эрмитажан коьрта экспозици.

1762-чу шарахь гӀишло яр чекхдаьллачул тӀаьхьа 1904-гӀа шо тӀекхаччалц россиян императорийн Ӏаьнан резиденци санна лелош яра.

1904-чу шарахь ӀӀ-чу Николайс даимлера резиденци Паччахьан Юьртара Александровски гӀале дехьаяьккхира.

1915-чу шеран эсаран-беттан (октябран) тӀера 1917-чу шеран лахьанан-батте (ноябран) кхаччалц гӀали чохь паччахь волу Алексей Николаевичан цӀарах госпиталь яра.

1917-чу шеран мангалан-беттан (июлан) тӀера лахьанан-батте кхаччалц гӀалин чохь Ханна йолу мехка урхалла яра.

1920-чу шарахь кхолламан баттахь (январахь) гӀали чохь схьайиллина Карчаман (Революцин) пачхьалкхан музей. 1941-ра шо кхаччалц иза а, Эрмитаж а цхьана гӀишло чохь яра.

Ӏаьнан гӀалано, ГӀалин майдано кхуллу таханлерачу гӀалин хаза архитектурин ансамбль. Россиян а, дуьненаюкъарчу а туризман объекташна юкъахь коьртачех цхьаъ ю.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. 1 2 archINFORM (нем.) — 1994.
  2. Статья «Дворец искусств» на сайте АИФ.
  3. Зимний дворец на livejournal.com
pFad - Phonifier reborn

Pfad - The Proxy pFad of © 2024 Garber Painting. All rights reserved.

Note: This service is not intended for secure transactions such as banking, social media, email, or purchasing. Use at your own risk. We assume no liability whatsoever for broken pages.


Alternative Proxies:

Alternative Proxy

pFad Proxy

pFad v3 Proxy

pFad v4 Proxy