Медицина
Медици́на (лат. medicina схьадаьлла ars medicina — «дарбанан говзалла», «туоваран говзалла»[1], бу изза орам, глаголан medeor санна, «дарбадо»[2]) — Ӏилма довзаран а, практикехь леладаран а система йу, шен Ӏалашо диагностика, дарба, цамгарийн профилактика, адамийн могашалла а, болхбанбалар а Ӏалашдар, чӀагӀдар, дахар дахдар[3][4], ткъа иштта физикин а, психикан а цамгарийн бала байбар йолуш.
«Халкъан», «ламастехь йоцу» медицинашна а, кхечу «практикашна» а царех къасто оьшучу хенахь билгалйоккху — массара а тӀеэцна медицина (я конвенционалан, схьадаьлла инг. conventional — ламасте, массара тӀеэцна).
Символаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Тахана дуьненахь уггар медицина билгалйоккхуш йаьржина символан йиъ вариант йу.
XX бIешеран чеккхенгахь арахьарчех медицинин цхьа символ хилла — ялх са болу «Дахаран седа»[5]. Цулла а шира медицинин символ йу Асклепийн Iаса, иза дийцарехь, воккхачу дарбанчин хилла. КхоалгӀа йаьржина билгало — цӀен жӀар а, цӀен бутт а; цуьнан сий айина ЦIен ЖIаран а, ЦIен Беттан а дуьненайукъара боламо. ЕалгӀа медицинин символ —гонахьа лаьхьа а хьаьрчина кад бу — схьайалар дарбанехь лаьхьан дӀовш лелош хиллачу Авиценнегара а, ширагрекийн могашаллин дела ву бохаш хиллачу кедаца а, лаьхьица а гойтуш хиллачу Гигиеягара а ду[6].
-
Гигиеян кад
Истори
[бӀаьра нисйан | нисйан]Шира дуьне
[бӀаьра нисйан | нисйан]Хьалха цамгар кхоллайалар гуора цхьа арахьара адамца мостагӀалла долу дийна хӀума мухха а дегӀах йулий цуьнан таро хуьлу схьадало цамгаран хьал. Иштта, оцу муьран адамна Ӏаламан ницкъашна дуьхьала гӀо кхача меттиг боцуш, хӀунда аьлча гонахьарчу Ӏаламах цакхетам хилар бахьнехь, адаман чудала йишйолуш зуламе синош хиларан ойланаш кхоллайелира, ткъа цуьнца кечдира цхьа могӀа бозбунчаллин гӀирсаш а, дарбанан кепаш (луьйца йохкарш, дуӀанаш, кхин дӀа а) а, уьш хилира, ма-дарра аьлчи, психотерапин зирхӀаш. Адаман хьалхарчу муьрехь дарбанаш лелор а, шама́налла а кхолладаларо, кхиаро йукъабаьккхира «дарбадар» боху кхетам. Шира Малхбален пачхьалкхашкахь йаьржира цӀуйн йа кашкевн медицина. Дика кхиамаш баьхна медицино кхианчу антикан пачхьалкхашкахь: историн тептарш ду, вайга тешалла схьакхачийна белхаш бу ширагрекийн лоьран Гиппократан, руман Ӏаламталлархочун Гален Клавдин, александрин лоьрийн Герофилан а, Эрасистратан а. Цул сов, Шира Малхбален (ширамисаран медицинан тептарш; Хаммурапи законаш; Ману законаш, ХӀиндера Аюрведа, кхин а) йозанан эсаш тешалла до, ширачу пачхьалкхашкахь законаца регламенташ хиттира лоьрийн белхашна, дарбадаран луш йолу гонораран барам а, цомгашчуш зулам дахь долу жоьпаллин тегӀа а.
Иштта, ширачу дуьненахь лоьраш а, цIуй а, бозбунчаллин дарбанан кепашца цхьаьна, лелайора рационалан а, халкъан медицинан дарбанан кепаш а, гӀирсаш а. КӀезиг ладаме маьӀна дина ца Ӏара диететикан, гигиена йаздаран, массажан, хин процедурашна, гимнастикан. Девза тахане кхаьчна долу дарбанехь аьттонца (куьйга даьхна трепанацин Ӏуьргаш долчура даьӀахкан хьаса меттахӀоттаран лараш, даьӀахк хӀоттайелла меттигаш кагйинчу даьӀахкан тӀехь, кхин а) хирурги лелаяран тешаллаш: туьтан трепанаци, цул сов, йазйина йу кесаревн ходана дар бердарехь патологи йа нана йаларан кхерам болуш меттиг хилча, ткъа кирахь бер делчи — эмбриотоми яр, кхин а. Ширацийн медицино лелабора 2 000 сов дарбанан гӀирс, царна йукъахь башхачу меттигехь йара женьшень, гинсу, ревенан орам, камфор, кхин а. Масех эзар шо ду ша кепара йолчу мехийнтерапин. Дикка лакхарчу тегӀане кхаьчнера Шира ХӀиндехь анатоми а, хирурги а.
Шира Мисар
[бӀаьра нисйан | нисйан]Ширамисаран медицина хилла терго йина тидаме лаьцна билгалонех тешарца ийна. Лор вахавезара цӀуйш кхоьллина йаздинчу низамца. Массо а медицинера кхиамаш шайн жӀарашна тӀейаздора: Осирисан, Исидин, Горан, Бастан, Тотан. Лоьрийн гӀуллакх карахь дара цӀуйн — пастофорийн. Цара тӀеоьцура цомгашнаш килсашкахь. Медицина хьоьхура башха ишколашкахь.
Мисрахь гигиено йоккха роль ловзайора: билгала динера гражданийн дахаран кеп, церан дуург, наб, цӀано. Дукхаха йолу бакъонаш схьаийцира жуьгташа, церан деза жайнаш йукъа йахара уьш. ХӀора 3 дийнахь (кхечу хаамашца — 3 баттахь) дегӀ цӀандархьама чоьна молха а, Ӏаьттавар а дара йаздина, билгалчу ханна хӀоттийна марха дара. Могашалла Ӏалашйора ловзаршца. Башха дагардийриш бара дӀайаздеш берадарш а, баларш а, цамгарийн бахьнаш а билгалдохуш. ДӀабохкара кешнашкахь, лаьмнашкахь; пирIунан дакъана йора башха пирамидаш. Маьршачу гражданийн декъийшна кхаа кепара бальзам хьокхура, шен йукъараллехь хиллачу хьоле терра.
Тахана адам доьлла кхетамаш анатоми а, физиологи а йоцу хьесап дара ширамисаран медицинехь, ткъа уьш гар идеалистийн дара. Оцу гаре хьаьжжина, дегӀ леладо 4 сино (деканаш). 50 шо кхаччалц дегӀ дазло хӀора шарахь 1/2 лот (6,5 грамм гергга), ткъа тӀехьа жимадала долало, цунах валар хуьлу.
Мисархошан девзаш хилла 700 кепара Ӏаламан молха. Евзаш йара опиум а, кIуомал а. хӀинцалера медициница дуьстича, чоьхьара гӀирсаш дукха а бацара. Уьш лелабора даиман керла а, бохбина а, ткъа иштта бедца иэбора, бепиг кепара лора. Беран молха кийра дахийта, бера дакхочо даар иза, ненан шурийца беран кхочура. Цул сов чоьхьара (багахула) дарбанан кепаш тайп-тайпана йара: клизмаш, тампонаш, кӀуртохар, хьакхар, белхьамаш. Цергашна пломба тухура, тӀеоьшушъерг куьйга йора, тӀетосура дешийн серашца уллорчу цергашна. Эберс Георга дийцарехь, луьйца йоллар адаман лахарчу тегӀанца бен ца леладора.
Ширамисаран лоьраш гӀеххьа кхиамаш баьхна бӀаьргийн цамгаршна дарбадеш: молханаш а йаздора, операцеш а йора. «Мисаран цӀий кӀезиг хилар» йа анкилостомоз (шакепара цамгар, уьнан этиологи, дукха хан йоццуш бен кхетам бела а бац) хиларан бахьана дукха нийса гайтина ширамисаран папирусашкахь. Йаздарехь, чкъоьрийн цамгарш а, проказа (лепра) дукха хилара, оцу тӀе проказа лорура уьнан цамгар, цундела цомгушберш дӀакъастабора могушчех. Мисархойн хирурги дикка тӀехьайиснера хӀиндихойнчул, амма чевнаш дӀа дика йоьхкура, меже кагйина меттиг хилча йоьхкургаш хуьйцура. ДаьӀнашна xIyp тосура йа хьакхарца дарбадора. Цул сов, кечйинера шортта кепаш нийса бер схьаиэцарехь (акушералла), ткъа иштта зударийн цамгаршна (гинекологи) дарбадарехь а, бер цахиларехь а, уьш тӀеэцнера мисархошкара грекаш, тӀехьа ширагрекийн лоьраш дӀа а йаздина.
Йуккъера бӀешераш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Гулбелла медицинан практикан тидамаш бара йуккъерчу а бӀешерашкахь. Йукъабевлира цомгашчарна а, чевнаш йинчарна а дарбадаран леррина кхолламаш, монастыран дарбан цӀенош гражданийн бахархошна (VII бӀешо). ЖIаран леларша, бахархойн миграци йира, аьтту бира меттигаш есайуьтуш долу ун даржо, меттиг баьккхира Европехь карантинаш йан.
VII бӀешарахь исламан пачхьалкхашкахь Ӏилманаш жигара кхиа долало: исламан дуьненан Ӏилманчаш кхечаьрца цхьаьна кхиадо ширачу цивилизацийн медицинан Ӏилманаш. Халифаш доладо Ӏилманан а, Ӏилманчийн а. Харун ар-Рашида хӀиттайо БагIдадехь ишколаш, дарбанан цӀенош, аптекаш. Цуьнан кӀанта Аль-Мамуна кхуллу БагӀдадехь Академи, кхойкху шена массо а пачхьалкхашкара Ӏилманчашка. Ишколаш хӀиттайо дукхачу меттигашкахь: Куфехь, Басрехь, Бухарехь, кхечу гӀаланашкахь а.
873 шарахь Ахьмад ибн Тулун паччахь волуш кхоьллира дуьххьарлера бахархойн мискачу чкъоьран лерина долу доккха пачхьалкхан дарбанан цӀа. Дарбанан цӀа чу вуьллуш ахча а, духар а лардан дӀалора куьйгалхочун, ткъа аравоккхуш цу чуьра пациентан тӀаьххьара рационан лерина цхьа котам а, цхьа бепиг а лора. Дарбанан цӀа чохь кӀезиг хьекъалдолчийн дакъа а дара[8].
Ӏарбойн таро йара, хетарехь, медицина кхион, хӀунда аьлчи исламо кхайкхара цамгаршна дарба лахар а, нахана дарба лелошберш сийдар а. Ӏарбойн Ӏилманчаш-лоьраш гоч а бора, Ӏама а бора ширачу лоьрийн кхолламаш. Ибн Зухр (Авензоар) ву дуьххьарлера, анатомировани а, велча дакъа иэтӀош а хилла волу гӀараваьлла лорКеп:Бац АИ. ГӀарабевлла Ӏарбойн лоьраш: ХӀарон, Бактишва (масех лор-несториан), ГӀонан, Кеп:Гоч ца дина 3, Ар-Рази, Iали ибн Сахьль Раббан аль-Табари (ГӀали-Ӏаббас), Ибн Сина (Авиценна), Альбукъасис, Ибн Рушд (Аверроэс), Ӏабдул-ЛатӀиф аль-БагӀдади.
Византийн а, Ӏарбойн а медицино дахахаийра дуьненан медицинан Ӏилма керлачу лазарийн симптомаш а, дарбанан гӀирсаш а дӀайаздеш. Медицина кхиорехь алсама роль ловзийна йуккъерачу азин Ӏилманчо Ибн-Синас (Авиценна).
Малхбуза Европера йуккъерчу бӀешерийн медицина
[бӀаьра нисйан | нисйан]Йуккъерчу бӀешерийн Малхбуза Европехь, антикаца дуьстича, эмпирийн Ӏилма гӀелделла дара, хьалхе йара теологин а, схоластикан а. Ӏилма чудирзира университеташна. IX бӀешо долалуш, Германин, Ингалсин, Францин хӀинцалерчу дозанашкара университеташкара, кхечу Ӏилманашца цхьаьна Ӏамош йара медицина а. дарба леладора монахаш а, дуьненан адамаша а. Йуккъерчу бӀешерашкахь Европера уггар гӀарайаьлла лоьрийн ишкол йара Салернераниг. Оцу ишколан кхолламаш масала дина тӀеэцна бара кхечу дешаран меттигашкахь. Уггар гӀарайаьлла йара гигиенан поэма «лат. Regimen Sanitatis». Салернан ишколехь бара динан а, дуьненан а даржашкара лоьраш, ткъа иштта зударий а. Цара куьйгалла дора дарбанан цӀийнашкахь, уьш тӀаме дахана эскаршца бара, паччахьашна а, церан доьзалашна а уллохь бара. XIII бӀешерашкахь бен ца буьйлабелира, оцу хенан цхьа кӀеззиг болу медицинан векалш тергонца а, зеделларгца а цамгарийн Ӏалам довза гӀерта. Иштта бу Виллановр Арнольд а, Р. Бэкон а. XIV бӀешарахь йолало анатомих Ӏилма хила, бух декъий иэтӀадар а болуш, тӀаккха Мондино де Луццис (1275—1326) арахоьцу кхоллам, шен чохь меженаш нийсса гойтуш. ТӀаккха а, XV бӀешо кхаччалц Ӏарбой хьалха бара европин медицинехь, ГIаланан кхоллам а Европехь баржийна бара Ӏарбойн маттара гочдина.
Йуккъерачу бӀешерашкара Русь
[бӀаьра нисйан | нисйан]Русехь монастыран медициница цхьаьна кхуьура халкъан медицина. XI—XII бӀешерашкахь Переяславлехь а, Киевехь, XIII бӀешерашкахь Львовехь кхоьллира дарбанан цӀенош. Дарбанан гӀуллакх Россехь дукха хенахь дуьйна леладора лоьраш-эмпирикаш («ликовци»), аптекарша («зелийникы»), даь1ахкашнисйийриш, цирюльникаш.
Йухакхиаран мур
[бӀаьра нисйан | нисйан]Медицина кхиорехь йоккха гӀулч йаьккхира Йухакхиаран муьрехь (XV—XVIII бӀешераш). Швейцарийн лор Парацельс вистхилира зеделлачун а, хаарш а тӀехь кхоьллина йолу медицинан пропаганда еш, лоьрийн практикин йукъдаялийра тайп-тайпана химин гӀирсаш а, минералан хиш а. А. Везалийс йаздира адаман дегӀан а хӀоттамах а, функцех а лаьцна. Ингалсан лоьро У. Гарвейс кхоьллина цӀийлеларан Ӏилма.
XVI бӀешеран практикан медицинан областехь коьрта хилам хилла италихойн лоьро Дж. Фракасторос контагиозан (уьнан) цамгарийн Ӏилма кхоллар а, французийн лоьро А. Парес дуьххьарлера хирургин Ӏилманан бух кхоллар.
Керла мур
[бӀаьра нисйан | нисйан]Промышленностан арахецарш кхиаро тидам багӀийтира профессионалан цамгаршан. 17-18 бӀешерийн дозанехь италихойн лоьро Б. Рамаццинис йуьхиг йолийра промышленностан патологи а, белхан гигиена а Ӏаморехь.
Медицина кхиарца кхоллало тайп-тайпана пачхьалкхашкахь медицинан дешаран кхолламаш. 18 бӀешерашкахь Российн имперехь кхоьллира Iилманийн академи (1724 ш) а, медицинан коллеги (1763 ш) а — медицинан областера административан центраш а, иштта масех медицинан ишкол.
1773 шарахь Львовехь дӀайиллина Медицинан коллегиум, иза 1784 дӀаиэйелира Львован университетан медицинан факультетаца, 1787 — дӀайиллина Елизаветградан лоьрийн-хирургин ишкол. Киевн академин дешархойх бух коьллира медицинан ишколан, XVIII бӀешераш чекхдовлуш хьеха йолийра медицина (1802 шарахь дӀайиллира медицинан класс — дуьххьарлера хьехархо хилира А. Ф. Масловский).
XVIII бӀешеран шолгӀачу декъехь — XIX бӀешеран хьалхарчу декъехь тӀеман а, хӀордан а гигиенин бух боьттина. Немцойн Ӏилманча Р. Кох хилира микробиологи кхоллинчехь цхьаъ. Эксперименталан фармакологин а, токсикологин а бух боьттира французийн физиолого а, патолого а К. Бернара. Немцойн физиологан Г. Гельмгольцан, чехийн биологан Я. Пуркинен белхаш офтальмологин кхиарехь аьтту бира. Оцу хенахь алсамбовлу медицинан дешаран кхолламаш.
Медицинан некъаш а, областаш а
[бӀаьра нисйан | нисйан]Профилактикан медицина
[бӀаьра нисйан | нисйан]Хьалха оцу областах Санитари а, гигиена а олура. Ӏалашо йу цамгарш цахилийтар, цхьана индивидуман а, иштта адамийн популяцийн тобанашна а.
- Гигиено Ӏамабо адаман организман арахьарчу Ӏаламан факторийн Ӏаткъам, шен Ӏалашо оптимизаци дикачун а, профилактика вон а Ӏаткъаман йолуш.
- Рекреационанчуо Ӏамайо организмо цамгаршна дуьхьалояр айаран методика, масала, санаторин-курортан дарбанан методика, марбеллачеран спорт, кхин а.
- Дезинфектологино Ӏамадо специфика йоцу профилактикан уьнан а, паразитаран цамгарийн а законаш, патогенан биологин объекташна а, уьш дӀасаяржошйолчарна а Ӏаткъам баран некъаца.
- Санитари
- Эпидемиологино Ӏамабо цамгарийн процессийн демографи, царна локализацин а, цамгарш лахъйахаран а белхаш, эпидемеш Ӏамийна цаӀа.
Клиникан медицина
[бӀаьра нисйан | нисйан]Гучубахар а, дарбадар а цомгашчу нахана, йухатохар изза пациент шолгӀа цомгаш хиларх.
- Диетологино Ӏамабо йуучо а, молучо а могашаллина а, цамгаршна а бен Ӏаткъам, башха Ӏаткъам нийса даарца хуьлу. Диетолого хӀоттайо терапевтин диета шекаран диабет, даган-пхенийн цамгарш, сов возаллин барам, чоьно хьийзавар, аллерги, йуург цатоар, дестарш хилча (наггахь галбовлий йуурган гигиенех тарло).
- Терапи
- Хирурги
- Психиатрино Ӏамайо психикан цамгарш, кхоллайаларан бахьнаш, диагностикан методаш, профилактика, дарбадар.
- Педиатри
- Геронтологино Ӏамайо дийна организмаш къанъйаларан процессаш, царна йукъахь адамнаш а.
- Кардиологи
- Неврологино Ӏамайо нерван системан структура а, функцеш а, кхиаран а, хила тарлон патологин законаш, цамгарийн бахьнаш, цахилийтаран а, дарбадаран а кепаш.
- Эндокринологино Ӏамайо гормонаш а, цара дегӀан бо Ӏаткъам а.
- Офтальмологино Ӏамайо бӀаьрган цамгарш, цуьнца ерш (негӀарш, бӀаьрхин меженаш, мазин пардо), бӀаьрган гонахьара даьӀахкийн структура а, клетчаткаш а.
- Стоматологи
- Урологи
Фармакологи (фармацевтика)
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Фармакоэпидемиологи
- Фармаци
- Биохимин фармакологи
- Клиникан фармакологи
- Молекуляран фармакологи
- Фармакогеномика
- Экспериментан фармакологи
Медикан-биологин дакъош
[бӀаьра нисйан | нисйан]ХӀокху декъан тӀехь тоьаш йац хьажоргаш хьосташна тӀе (хьажа лохуш хьехам). |
- Анатомино Ӏамабо организман физикин хӀоттам. Микроскопин анатомех къаьстина — цитологи а, гистологи а — анатомино Ӏамабо макроскопин хӀоттам.
- Биохимино Ӏамайо дийна организмашна чура химин процессаш, церан химин компонентийн структурийн а, функцийн башхаллаш.
- Биомеханико Ӏамайо биологин системийн структураш а, функцеш а механикин методийн гӀоьнца.
- Биологин статистика — шуьйрачу маьӀнехь биологин аренашна статистика лелор. Биостатистикин Ӏилманан ладаме маьӀна ду план хӀотторехь, мах хадорехь, медицинан талламаш тидарехь. Иштта биостатистика бух бу эпидемиологин а, тешоран медицинан а.
- Биофизика — биологин система Ӏаморхьама физикин а, физикин химин а методаш лелош долу дисциплинаш йукъара Ӏилма ду.
- Цитологино шеш лаьттачу клеткийн микроскопин таллам бо.
- Эмбриологино Ӏамадо организман хьалхара кхиар.
- Генетико Ӏамайо биологин дайн генаш а, церан роль а.
- Гистологино биологин хьасанийн структураш серлонан микроскопин, электронан микроскопин, иммуногистохимин гӀоьнца Ӏамайо.
- Иммунологино шена чу дуьненчу волуш хиллайолу а, адаптиван а иммунитетан иммунан система Ӏамайо.
- Инфектологино Ӏамайо инфекци.
- Комбустиологино Ӏамадо вагор а, церан дарба а.
- Медицинан физико Ӏамадо физикин принципаш медицинехь леладар.
- Микробиологино Ӏамайо микроорганизмаш, царна йукъахь лахарнаш, бактереш, жӀаьлин нускалаш, вирусаш.
- Молекуляран биологино Ӏамабо репликацин, транскрипцин, генетикан гӀирсан трансляцин молекуляран процессан бух.
- Нейробиологин йукъайогӀу нерван система Ӏамораца йоьзна Ӏилманан дисциплинаш. Коьртаниг, нейробиологи коьртан хьен а, букъан тӀуьман физиологин тӀе фокус хьажийна йу. Цхьайолу уьйрйолу клиникан говзаллаш йукъайогӀу неврологи, нейрохирурги, психиатри.
- Патологино Ӏамадо цамгарийн бахьнаш, иза дӀадахар, чӀагӀдалар, товалар.
- Фотобиологино Ӏамайо ионизаци йоцу зӀаьнаршан а, дийначу организмийн а уьйр.
- Физиологино Ӏамайо организман лартӀахь йолу функционировани а, цуьнан коьртехь лаьтта лелоран гӀирсаш а.
- Радиобиологино Ӏамайо ионизацин зӀаьнарш тохарна а, дийначу организмийн йукъара уьйр.
- Токсикологино Ӏамайо молханийн а, дIевшан а кхераме эффекташ.
- Сексопатологино Ӏамайо адаман сексуалан лелар.
Медицинан къаьстина областаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Авиацин медицина
- Арктикан медицина
- ТIеман медицина
- Космосан медицина
- Катастрофан медицина
- Хинбухлара медицина
- Спортан медицина
- Суьдан медицина
- Белхан медицина
- Хрономедицина
Теоретикан медицина
[бӀаьра нисйан | нисйан]Медицинехь билгалйоккху теоретикан медицина йа биомедицина — иза адаман организм а, цуьнан лартӀахь а, патологин а хӀоттам а, функцеш а, цамгарш а, патологин хьал а, церан диагностикан кепаш а, теоретикан позицешкара нисйар а, дарбадар а Ӏамош йолу биологин область йу.
Теоретикан медицино толлу дарбанан теоретикан бух, практикан медицина кхиоран некъаш кховдабо. Теоретикан медицина лаьтташ йу Ӏилманан теоретикан хааршца чӀагӀдина долу логикан медицинан хьесапаш тӀехь. Тайп-тайпана некъийн хьесап даро теоретикан медицинан аьтту ло, практикан хьесапан къасто йишйоцу дакъа хирдолу, медицинан гипотезаш кхолла (Д. В. Райтеран тезисашкара). Теоретикан медицина — практикан хьалхара гӀулч йу (проф. Соловьев В. З.).
Теоретикан медицина шен медицинан теорица а, талламашца а Ӏотта ца ло медицинан практикаца. Теоретикан медицинин жамӀаш таро ло керла молханийн гӀирсаш, цамгарах а, товаларан процессах а лаьтташ болу кӀоргера механизман молекуляран кхетамаш йукъабаха, цуьнца цхьаьна бух кхуллуш массо а медицинан тӀедаларшна, диагностикана, дарбадарна[9].
Практикан медицина
[бӀаьра нисйан | нисйан]Медицинехь билгалйоккху иштта практикан, йа клиникан, медицина (медицинан практика) — медицинан Ӏилмано гулдина хаарш практикехь леладар, адаман организман цамгаршна а, патологин хьолашна а дарбадархьама.
Тешоран медицина
[бӀаьра нисйан | нисйан]Таханлера медицинан Ӏилманехь шуьйра лелайо тешоран медицина критереш, цунна оьшу эффект йолу оцу йа кхечу кепара дарбадаран луьра тешаллаш, нийсса бинчу РТТ (рандомизаци йина тергоялун талламаш) методологин некъаца профилактика йа диагностика яр — шалха бӀаьрза плацебо-тергояран клиникан талламаш. РТТ эффект хиларан тешалла ца кхаьчна йолу муьлхха а кхин кепаш дӀатотту дӀабиллина талламашкахь эффект йолуш хеташехь релевантан йа эффект йолуш цахиларна, цхьаболу талламан декъашхошна хууш ду хӀун Ӏаткъам кхочу пациентан.
Дукхах долу лазарш хилар хенаца тӀекхетадера, жигара кхуьу тешоран медицинан позицера иштта дакъош: геронтологи а, гериатри а (Ӏамадо къанвалар лагӀдаран бала, хенан дуьхьала терапи, профилактикан медицина воккхачу а, къеначу хенахь).
Хааран классификацин системин кодаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- УИК 61
- Ӏилманан-техникин хаамийн пачхьалкхан рубрикатор (IТХПР) (2001 шеран хӀоттам): 76 МЕДИЦИНА а, МОГАШАЛЛА ӀАЛАШЪЯР а(ТӀе цакхочу хьажорг)
Хьажа иштта
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Дарбанан-профилактикан кхоллам
- Медицинан хронологи а, медицинан технологи а
- Медицинан журналийн тептар
- Лор
- Медицинан стандарташ (дуьззина доцу тептар)
- Ветеринари
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Советский энциклопедический словарь / Гл. ред. А.М. Прохоров. — 4-е изд. — М.: Советская энциклопедия, 1988. — 1600 с.
- ↑ Черных П. Я. Историко-этимологический словарь русского языка. — М.: Русский язык, 1999. — Т. 1. — С. 519—520. — 623 с. — ISBN 5-200-02685-7.
- ↑ Экология человека. Словарь-справочник. / Н.А. Агаджанян. — М: КРУК, 1997. — С. 96. — 208 с. — 10 000 экз. — ISBN 5-900816-17-6.
- ↑ Большой толковый словарь русского языка / С. А. Кузнецов. — 1-е изд. — СПб: Норинт, 1998. — 1534 с. — ISBN 5-7711-0015-3.
- ↑ Медицина — йаззам бу Жуьгтийн электронни энциклопедин
- ↑ Гигиея, Популярный словарь русского языка. Толково-энциклопедический. — М.: Русский язык-Медиа. А. П. Гуськова, Б. В. Сотин. 2003.
- ↑ Adolphe Gutbub, Mélanges Adolphe Gutbub, Université de Montpellier 1984, p.190
- ↑ Мец А. Мусульманский Ренессанс / Отв. ред. В. И. Беляев. — Наука, Восточная литература, 1973. — С. 303. — 473 с.
- ↑ Rose, Nikolas (2007) The Politics of Life Itself: Biomedicine.Power, and Subjectivity in the Twenty-First Centuty. Princeton, New Jersey: Princeton University Press. p.372. ISBN 0-691-12191-5
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Ковнер С. История древней медицины. — К., 1878—1888. — Вып. 1—3.
- Лахтин М. Ю. Этюды по истории медицины. — М., 1903.
- Мороховец Л. З. История и соотношение медицинских знаний. — М., 1903.
- Мейер-Штейнег Т., Зудгоф К. История медицины. — М., 1925.
- Менье Л. История медицины. — М.—Л., 1926.
- История медицины / Под ред. Б. Д. Петрова. — М., 1954. — Т. 1.
- Заблудовский П. Е. История отечественной медицины. — М., 1960—1971.
- Бородулин Ф. Р. История медицины. — М., 1961.
- Мультановский М. П. История медицины. — 2-е изд.. — М., 1967.
- Глязер Г. О мышлении в медицине. — М., 1969.
- Выдающиеся имена в мировой медицине. — К., 2002.
- 60 лет Российской Академии медицинских наук / Под ред. В. И. Покровского. — М., 2004.
- Мирский М. Б. Медицина России Х-ХХ вв. — М., 2005.
- Очерки истории медицины XX в. — Казань, 2006.
- Литвинов А. В., Литвинова И. А. Нобелевская плеяда медицинской науки: Энциклопедия лауреатов. — Смоленск, 2008.
- Сорокина Т. С. История медицины. — 9-е изд.. — М., 2009.
- Скороходов Л. Я. Краткий очерк истории русской медицины / Л. Я. Скороходов; науч. ред. и коммент. М. В. Супотницкого. — М.: Вузовская книга, 2010. — 430 с. — ISBN 978-5-9502-0428-9.
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Капица С. П., Юдин Б. Г. Медицина XXI века: этические проблемы // Знание. Понимание. Умение. — 2005. — № 3. — С. 75—79.
- Словарь медицинских терминов . ТӀекхочу дата: 28 Марта 2010. Архивйина 2011 шеран 22 августехь
- Основы медицинской помощи . ТӀекхочу дата: 2011. Архивйина 2011 шеран 22 августехь
- Тэннер М. Сравнительный анализ систем здравоохранения в разных странах.