ТIулган оьмар
ТIулган оьмар | |
---|---|
ЦӀе тиллина сийдина | ТӀулгийн гӀирсаш |
Цуьнан рогӀераниг | борзанан оьмар |
Чаккхенан терахь | гергга 2000 в. э. хьалха |
Викиларми чохь медиафайлаш |
ТIулгий оьмар — археологин термин, цуо билгала боккху адам кхиаран шуйра мур, иза хьалха бу металлийн муьрал.
Вайн эрал I бIешарахь Тит Лукреций Карас кховдийра, металлан муьрал хьалха богIура, стеган коьрта герз тIулгаш хилла мур. Ойла къастабарах кховдийна французийн антиквара Никола Мауделеса 1734 шарахь. Кховдоран Iиманца бух бина данин археолого Томсена 1836 шарахь, цуо къастийра адамалла кхиаран муьрехь кхоъ оьздангаллин-историн оьмар: тIулгийн, борзанан, аьчкан оьмар. 1860-гIа шерашкахь ингалсан Iилманчо Джон Либбока йекъна тIулгийн оьмар шина муьре — палеолит а, неолит а. 1860-гIа шераш чекхдовлуш французийн археолого Г. Мортильес кечйина кхин алсама дакъош долу муьраш (шеллан, мустьен, солютрейн, ориньякан, мадленан, робенгаузенаня).
Амма дуьненан тайп-тайпана регионашкахь цхьабосса ца кхуьура адамалла. ТIуган герзаш цхьацца оьздангаллашкахь шуьйра леладора металлийн муьрехь а. Наггахь параллелан металлан гIирсашца а, герзашца а, масала, веданна, кхин дIа тIулг лелабора. Цундела дика ду мур билгала боккхуш «тIулган оьмарш» леладар, «тIулгийн оьмар» лелочулла. Йуьхьиган а, чаккхенан а муьран хан иштта къовсаме йу.
Тулгийн герзаш кечдора тайп-тайпана кепара тIулгех. Иштта, мокхаз а, кир-маьIда а, ашанаш а леладора гIирс а, герз а меттана, ткъа базальтах а, гIамар-тIулгах а дора белхан гIирсаш, масала, тIугаш куьйга хьовзош йолу хьерашна. Кхин а шуьйра леладора дечиг, даьIахкаш, хIоьан чкъийриг, сайн маIа.
ХIокху муьрехь шуьйра лелийна технологеш хаъал Iаткъам бина адаман эволюцис. Адаман ареал шорйелла Малхбален Африкера саваннашкара дуьненан массо маьIIе кхаччалц. ТIулгийн оьмаран чаккхенгахь карайирзина цхьацца акха дийнаташ, доладелла йоьзан маьIда лало металл дархьама. ТIулгийн оьмар лору адам кхиаран исторел хьалхара мур, хIунда аьлча адамаллин хIинца а ца хаара йаздан (цуо амал ло ламаста историн шерашдагардаран муьран йуьхьиган).
ТIулгийн оьмар археологехь
[бӀаьра нисйан | нисйан]Билгала терхьаш оцу муьран дац, къовсаме а, дозуша а ду билгалчу регионах. Амма, дийца мегар ду тIулгийн оьмарх дийнна йерриг адамаллин муьрах санна, хIетте цхьацца оьздангаллехь хIинца а гучу ца йаьлла металлурги, уьш алсама цивилизацийн технологи кхиарца Iоттатабалланза бу. ТIаккха а, и мур болабелла 3 млн шо хьалха, болабела хьалхарчу гоминид тIера, ваъхначу Африкехь, цунна лело дагадеира тIулгийн гIирсаш бахаман Iалашонаш кхочуш йархьама. Дукхах болу австралопитекаш, тера ду, ца лелийна тIулгийн гIирсаш, хIетте а церан оьздангаллаш иштта Iамайо цуьнан гуран чохь.
Вайн хене тIулгийн хIуманаш кхаьчнехь, церан бух тIехь археологин талламаш буо оцу муьран. Археологаша балабо тIугийн гIирсийн цхьацца бустамаш, уьш бо церан тайпанаш билгалдаха, Iалашо, лелоран технологи билгалйаккха. КIезга ца йогIу тIулгийн оьмаран гIирсаш вайга ах йохийна хьолехь, эксперименталан археологин декъо уьш меттахитайо йа копеш йо.
ХIокху заманахь термин лелор
[бӀаьра нисйан | нисйан]Цхьа бала термин «тIулгийн оьмар» лелорехь бу, исторел хьалхара йукъаралла кхиаран тIегIанех кхел йан таро йу бисинчу тIулгийн гIирсашца, ткъа йукъараллин кхолламан чолхаллин тайпанца, сурсаташ кхачаран хьостех, хала климатан адаптаци йарах йац. Иза арадолура археологин хьесапех, лелош долу XIX бIешарахь, оцу хенахь йаьккхинера кхаа хенан историн система. Коьрта Iалашо оцу хьесапийн дара максимум барам археологин ахкарш дар карорхьама тIулгийн гIирсаш. ХIинцалера археологин хьесапаш шуьйра бух буьллу хаамаш гулбарехь, цуо хаъал шордина вайн хаарш исторел хьалхарчу хенах, кхета таро йина, ширачу заманахь адаман йукъараллехь хилла чолхе кхолламан система, цуо йо термин «тIулгийн оьмар» цуьнан таханлерачу кхетамехь гайтина хенан мур билгалбаккха ширIбалар. ХIинца вайна а хаьа, шира йукъаралла кхиарна Iаткъам бора дуккха а тайп-тайпана фактораш, масала, йуьртан бахам, дин йа кхоьллина йарташ, ткъа тIулган гIирс бара оцу гIирсех цхьаъ, цуо хIинца ца гойту шира йукъаралла кхиаран йуьззина тIегIа, цуьнан динаш а, бахам а.
Кхин цхьа бала, бихкина кхетамах тIулгийн оьмар боллу, термин кхолларх шира Европин археологин оьздангалла сурт хIотторца, кхечу регионашна иза лелалур дац, масала, Къилбаседа а, Къилба а Америкашна, Океанина, цигахь латталелорхойн йа таллархойн-лахьорхойн тайпано лелийна тIулг европахоша колони йаллалц. Иштта шира адамаша металл лелоро кIезиг амал лелайора, вайн хетарел кIезга, ткъа терминаш Йоьзан, Борзанан, Аьчкан оьмар йу адаман историн муьрехь уьш билгалйаха. Иштта, масала, дерриг дуьненахь лелош аьчкан хIуманаш йолуш, Америкехь эчиг ца довзара 1492 шо кхаччалц (леладора йоьза, дети, деши), ткъа Океанехь XVII бIешо кхаччалца.
ТIулгийн оьмарал тIаьхьара борзанан хилира хенан мур, оцу муьрехь адамашна Iемира борзанан гIирсаш дан йоьзанах а, гIелих а, уьш лело хIора дийнан дахарех. ТIулгийн оьмарера борзанан оьмаре валар адамаллин доккхаха долу дакъа дехира Европехь, Азехь, Къилбаседа Африкехь, дехьабевлира вайн эрал 6 - 2,5 эз. шо хь. Амма, дуьненан цхьацца регионашкахь, масала, Йуккъера а, Къилба а Африкехь тIулгийн оьмар дехьа ца йаьлла аьчкачунга. Лору Гергара Малхбалехь а, Къилба-Малхбален Азехь тIулгийн оьмар чекхйаьлла в.э. 6 эз. шо хь., ткъа Европехь а, Азин кхечу мехкашкахь в.э. 4 шо хь. Амма, Инкийн оьздангалла Къилба Америкехь йеха тIулгийн оьмаран тIегIанехь в.э. 2 эз. шо хь., цу хенахь деши, йоьза, дети йукъаделира, лело долийра массанхьа а. Австрали тIулган оьмарехь йисира XVII бIешо кхаччалц.
Хьажа иштта
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Фатьяновн оьздангалла
- Йуккъераднепран оьздангалла
- Археологин оьздангалла
- Российн археологин оьздангаллин исписка
- Российн хьалхара истори
- Ностратикин меттанаш
- Y-хромосоман гаплотобанаш этносийн тобанашкахь
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Салинз М. Экономика каменного века. М.: ОГИ, 2000 Архивйина 2007-12-23 — Wayback Machine